Нохчийн туьйранаш

Чеченские сказки

Метод обучающего чтения Ильи Франка

Цхьогал а, акха-котам а

(Лиса и фазан; цхьогал – лиса; акха-котам – фазан; акха – дикий; котам – курица)

Цкъа цхьана дийнахь (однажды; цкъа – один раз; цхьана дийнахь – однажды днём; де – день) мацалла дала доллу цхьогал хилла хьуьнахула дедда догIуш (умирающая от голода лиса по лесу бежала: «была бегом идя /идущая/»; мацалла дала – умереть с голоду; мацалла – голод; дала – кончать; хила – быть; хьуьн – лес; дедда – бегом; дада – побежать; дан – пойти).

ЦIеххьана хьалахьаьжча (вдруг подняв глаза; хьалахьажа – поднимать глаза), дитта тIехь Iaш акха-котам а гина (на дереве сидящего фазана увидела и; дитт – дерево; ган – видеть), цхьогал сецна (лиса остановилась; саца – остановиться). Цхьогал гина (лису увидев) кхераеллачу акха-котамо мохь тоьхна (испуганный фазан вскрикнул: «крик стукнул»; кхера – бояться; мохь тоха – крикнуть; мохь – крик; стон; тоха – ударить; стукнуть). Дика дIа а нисделла (удобно устроившись: «устроилась и»; дика – хорошо; дIанисдала – разместиться; дIанисдан – разместить), цу дитта кIелахь охьа а хиъна (под это дерево села и; кIелахь – внизу; охья - – глагольная приставка, обозначающая движение вниз; хаа – сесть), хьастаделла (ласково: «приласкалась»; хьастадала – приласкаться), цхьогало акха-котаме аьлла (лиса фазану сказала; ала – сказать):

— Хьажахь (гляди-ка), ма тамашийна хIума ду xIapa (ну и дела: «какое странное дело есть это»; тамашийна – диковинный; удивительный; хIума – событие; явление; хIара – этот; вот), хIинццалц схьа акха-котамаша мохь легашкара схьа туху (до сих пор, /что/ фазаны горлом кричат: «крик ударяют»; лаг – горло; шея) моьтташ дара-кх со (казалось /ведь/ мне; мотта – казаться; представляться), хIинца хии-кх сунна (теперь-то я поняла: «узнала» /мне/; хаа – знать; узнать), цара бIаьргашца мохь хьоькхуш хилар (они глазами кричат: «крик выдувая /выдувающие/ есть: «бытие»»; бIаьрг – глаз; хьекха – дуть).

НЕ нашли? Не то? Что вы ищете?

Цкъа цхьана дийнахь мацалла дала доллу цхьогал хилла хьуьнахула дедда догIуш.

ЦIеххьана хьалахьаьжча, дитта тIехь Iaш акха-котам а гина, цхьогал сецна. Цхьогал гина кхераеллачу акха-котамо мохь тоьхна. Дика дIа а нисделла, цу дитта кIелахь охьа а хиъна, хьастаделла, цхьогало акха-котаме аьлла:

— Хьажахь, ма тамашийна хIума ду xIapa, хIинццалц схьа акха-котамаша мохь легашкара схьа туху моьтташ дара-кх со, хIинца хии-кх суна, цара бIаьргашца мохь хьоькхуш хилар.

— ХIан-хIан (нет), цхьогал (лиса), хьо гIалатдаьлла (ты ошиблась), оха легашкара схьа туху мохь (мы горлом кричим), бIаьргашца ца туху (а не глазами: «глазами не кричим»), — аьлла акха-котамо (сказал фазан).

— ДIаялахь дIа (/да/ прекрати /ты/; дIадала – кончиться), хьуна хьайна а ца хаьа (ты сам не знаешь; хаа – знать), айхьа хIун дуьйцу (/ты/ что говоришь; дийца – рассказывать). Нагахь хьо сох ца тешахь (если ты мне не веришь; теша – верить), охьайосса со йолчу (спускайся ко мне; охьадисса – спускаться /вниз/), аса хьан бIаьргаш дIакъовлур бу (я твои глаза закрою; дIакъовла – закрывать), тIаккха (тогда), нагахь санна ахьа легашкара мохь хьакхахь (если /будто/ ты горлом закричишь), хьо бакъ лоь-кха (ты прав: «правду говоришь»); бакъ лен – говорить правду; бакъ ду – истинно; правда; бакъ – правильно! в самом деле!; бакъо – правило; право).

— Со кхоьру охьайосса (я боюсь спускаться), ахьа юур ю со (ты съешь меня; яа – есть) — элира акха-котамо (сказал фазан; ала – сказать).

— Вай (ой), ма эрна ду-кх хьан кхерар (/какой/ напрасный твой страх; эрна – напрасно; кхерар – боязнь). Аса дуй биъна (я поклялась; дуй баа – клясться; дуй – клятва), стохка дуьйна цкъа а акха-котаман жижиг ца даа (с прошлого года никогда фазанятину: «фазана мясо» не есть; стокха – в прошлом году; жижиг – мясо), нагахь аса сайн дуй къарбахь (если я свою клятву нарушу), кIамдар а кхетта (/то/ чесоткой заболею и; кIамдар – чесотка; зуд; кхета – заболеть), со лийр ду (/я/ умру; дала – умирать), — элира мекара цхьогало (сказала хитрая лиса).

— ХIан-хIан, цхьогал, хьо гIалатдаьлла, оха легашкара схьа туху мохь, бIаьргашца ца туху, — аьлла акха-котамо.

— ДIаялахь дIа, хьуна хьайна а ца хаьа, айхьа хIун дуьйцу. Нагахь хьо сох ца тешахь, охьайосса со йолчу, аса хьан бIаьргаш дIакъовлур бу, тIаккха, нагахь санна ахьа легашкара мохь хьакхахь, хьо бакъ лоь-кха.

— Со кхоьру охьайосса, ахьа юур ю со — элира акха-котамо.

— Вай, ма эрна ду-кх хьан кхерар. Аса дуй биъна, стохка дуьйна цкъа а акха-котаман жижиг ца даа, нагахь аса сайн дуй къарбахь, кIамдар а кхетта, со лийр ду, — элира мекара цхьогало.

Акха-котам (фазан), цхьогалх теша а тешна (лисе /поверить/ поверил и), дитта тIера охьайоьссира (с дерева спустился = слетел). Катоьхна цуьнан когаш схьалецира цхьогало (схватила его за лапы /поймала/ лиса; катоха – схватить /о собаке, волке, лисе/; ког – нога; схьалеца – ловить):

— Дела дуьхьа (бога ради), ма Iовдал а ю хьо (какой глупый ты; Iовдал – безмозглый), сох теша мегар ма дац (мне верить нельзя же; мегар дац – нельзя; мегар ду – можно; мага – мочь), хIинца аса хьо юур ю (теперь я тебя съем)!

— Ма яахьа со иштта (не ешь меня так), — дехар дира акха-котамо (попросил фазан; дехар дан – обращаться с просьбой; дехар – просьба). — Со яале хьалха (меня съесть прежде чем), ахьа Деле (ты Богу): «Йо (о), АллахI-Дела (Боже), хьан цIарца аса яа йолайо xIapa (с твоим именем я есть начинаю /это/; цIе – имя; доло – начинать)», аьлла (скажи: «сказала»), дехахь (если попросишь), сан жижиг хьуна дийнна шарахь даа тоьар ду-кх (моего мяса тебе на целый год есть хватит; дийнна – целый; шо – год; тоа – быть достаточным).

Акха-котам, цхьогалх теша а тешна, дитта тIера охьайоьссира. Катоьхна цуьнан когаш схьалецира цхьогало:

— Дела дуьхьа, ма Iовдал а ю хьо, сох теша мегар ма дац, хIинца аса хьо юур ю!

— Ма яахьа со иштта, — дехар дира акха-котамо. — Со яале хьалха, ахьа Деле: «Йо, АллахI-Дела, хьан цIарца аса яа йолайо xIapa», аьлла, дехахь, сан жижиг хьуна дийнна шарахь даа тоьар ду-кх.

Цо бохучух теша а тешна (этим словам: «сказанному» поверила; бохург – мнение: «сказанное»; баха – говорить), цхьогало бага дIайоьллушехь (лиса рот только распахнула; бага – рот; дIаделла – открыть; дIа - – глагольная приставка, соответствующая русской приставке от-, у-; делла – раскрыть), Деле дехар дан (к Богу с просьбой обратиться), кIелхьараяьлла акха-котам (вырвался фазан; кIелхьарадала – вывернуться), тIома а яьлла (крыльями взмахнул; тIам – крыло), ша хьалха Iийнначу дитта тIе охьахиина (на то же: «до этого где сидел» дерево сел).

— ХIан, хIинца хьо ю хьуна Iовдал (а вот теперь ты глупая)! — аьлла (сказал), ша кIелхьараяларна йоккхаеш йолчу акха-котамо (своему спасению радуясь, фазан; доккхаден – радоваться).

Цо бохучух теша а тешна, цхьогало бага дIайоьллушехь, Деле дехар дан, кIелхьараяьлла акха-котам, тIома а яьлла, ша хьалха Iийнначу дитта тIе охьахиина.

— ХIан, хIинца хьо ю хьуна Iовдал! — аьлла, ша кIелхьараяларна йоккхаеш йолчу акха-котамо.

Ша лейина хилар ца лалуш (что её обманули: «сама обманутой будучи», не снеся; ледан – обмануть; лалуш доцу – нестерпимый), дIасахьийзара цхьогал (погрустнела лиса; сахьийза – тосковать), хIун дийр ду ца хууш (что делать не знает: «не зная /не знающая/»). Ша цомгуш хилла (/мол,/ заболела; цомгуш хила – заболеть: «больным стать»), бохуш (говоря = говорит), гайх кадетташ (живот прихватило; ге – живот), цIийзара (заголосила; цIийза – верещать), узарш а деш (заохала: «стоная»; узарш дан – стонать; охать; узар – стон), дитта кIелахь дIасакерчара цхьогал (под деревом валяться /принялась/ лиса; дIасакарча – валяться; дIаса - – глагольная приставка, обозначающая движение; карча – поваляться; покатиться).

Оцу хенахь таллархойн а (в это время охотников и; хан – время; таллархо – охотник), церан жIаьлийн а йоьвлла гIовгIанаш хезира цхьогална (их собак шум: «охотниками и их собаками поднятый шум» послышался лисе = лиса услыхала голоса охотников и лай их собак; жIаьла – собака; гIовгIа яла – грянуть; гIовгIа ян – шуметь; гIовгIа – шум; хаза – услышать).

— И хIун гIовгIа ю-те (что это за шум)? — хаьттира цо акха-котаме (спросила она фазана; хатта – спросить).

— Шек дIа ма ялалахь (не волнуйся), уьш-м барзана тIаьхьа боьвлла жаIуй бара (это же: «они-то» за волком погнались чабаны: «погнавшиеся чабаны были»; барз – волк; тIаьхьадала – гнаться; тIаьхьа - – глагольная приставка, обозначающая движение за кем-л./чем-л.; жаIу – чабан), — жоп делла акха-котамо (ответил фазан; жоп дала – ответить: «ответ дать»).

Ша лейина хилар ца лалуш, дIасахьийзара цхьогал, хIун дийр ду ца хууш. Ша цомгуш хилла, бохуш, гайх кадетташ, цIийзара, узарш а деш, дитта кIелахь дIасакерчара цхьогал.

Оцу хенахь таллархойн а, церан жIаьлийн а йоьвлла гIовгIанаш хезира цхьогална.

— И хIун гIовгIа ю-те? — хаьттира цо акха-котаме.

— Шек дIа ма ялалахь, уьш-м барзана тIаьхьа боьвлла жаIуй бара, — жоп делла акха-котамо.

Дукха хан ялале (вскоре), «гIалх-гIилх» а деш (с лаем: «гавкая»; гIалх дата – гавкнуть: «лай показать»), таллархойн жIаьлеш гучудоьвлира (охотничьи собаки показались; гучудовла – показаться /мн. ч./; гучудала – показаться /ед. ч./), уьш цхьогална тIе тасаделира (они в лицу вцепились; тасадала – вцепиться). Цхьогал шен ницкъ ма б-бу дедда (лиса со всех своих сил пустилась наутёк), кIелхьарадала гIоьртира (спастись попыталась; гIорта – делать усилие), жIаьлеш цуьнан лорах доьлхура (собаки за ней следом бросились; лорах даха – идти следом).

Хала дела балица (с горем пополам; бала – горе) церан ирачу цергех даьлла цхьогал (в их острых зубах оказалась лиса; ира – острый; церг – зуб). Цхьана доккхачу жIаьлин багахь цIога а дуьсуш (у одной большой собаки во рту /её/ хвост остающийся = лисицин хвост в пасти у одной большой собаки остался; доккха – большой; багахь – во рту; бага – рот; цIога – хвост; диса – остаться), коьллаш юкъахь цхьогал кIелхьарадаьлла (в кусты лиса юркнула: «в кустах спаслась»; кол – хвост). КIад а делла (ослабла и = без сил), мацалла дала доллуш (от голода изнемогая), чоьвнаш лозуш (раны зализывая = внутренности болят; чоь – внутренность; лаза – болеть), Iуьллура цхьогал (повалилась /на землю/ лиса; Iилла – лежать).

Дукха хан ялале, «гIалх-гIилх» а деш, таллархойн жIаьлеш гучудоьвлира, уьш цхьогална тIе тасаделира. Цхьогал шен ницкъ ма б-бу дедда, кIелхьарадала гIоьртира, жIаьлеш цуьнан лорах доьлхура.

Хала дела балица церан ирачу цергех даьлла цхьогал. Цхьана доккхачу жIаьлин багахь цIога а дуьсуш, коьллаш юкъахь цхьогал кIелхьарадаьлла. КIад а делла, мацалла дала доллуш, чоьвнаш лозуш, Iуьллура цхьогал.

— Ва везан Дела (ох, боже мой; деза – важный), сан дайша а (и мои предки: «отцы»; да – отец), ден дайша а (и /моего/ отца предки), ворхIе а дас а (и праотцы: «седьмой: «семеро» отец»; ворхI – семь) цкъа а ца доладора-кх шайн гIуллакх «бисмиллахIир-рохьманир-рохьим» бохучу дешнашца (никто не начинал ведь своё дело, «ей богу» с /проговариваемыми/ словами = с обращения к богу; гIуллакх – дело; дош – слово), сан хIун гIуллакх дара бага дIаелла (а я-то чего: «что за дело» рот раскрыла). Ма юьхьIаьржо ю xIapa (вот так позор; юьхьIаьржо – позор; конфуз)! Акха-котамо хIилла ди-кх сунна (фазан обманул меня; хIилла дан – схитрить; хIилла – лукавство), — бохуш (говоря), холчудаханера цхьогал (сокрушалась лиса).

Цу хенахь дуьйна (с тех пор), шена акха-котам гича цхьогало цунна боккха го тосу (как фазана завидит, лиса от него подальше держится: «большой круг бросает»; го таса – окружать: «круг бросать»; го – круг; таса – бросить; го тосу – круговой), боху (говорят).

— Ва везан Дела, сан дайша а, ден дайша а, ворхIе а дас а цкъа а ца доладора-кх шайн гIуллакх «бисмиллахIир-рохьманир-рохьим» бохучу дешнашца, сан хIун гIуллакх дара бага дIаелла. Ма юьхьIаьржо ю xIapa! Акха-котамо хIилла ди-кх суна, — бохуш, холчудаханера цхьогал.

Цу хенахь дуьйна, шена акха-котам гича цхьогало цунна боккха го тосу, боху.

Ши къиг

(Две вороны)

Цхьана хенахь цхьа-ши къиг хилла ехаш-Iаш (однажды: «одно время» две: «одна-две» вороны жили-поживали: «были живущие /живя/»; къиг – ворона; даха – жить; Iан – находиться /в состоянии покоя/).

— Чехка яха а гIой (быстро сходи = слетай-ка), яахIума ян хи да вайна (на обед принеси воды нам; яахIума, хIума яа – обед; ян – приносить; хи – вода), — аьлла йоккхах йолчо жимах йолчуьнга (сказала старшая младшей; доккха – старший; большой; жимха – младший).

Пома яьлла яхана (та полетела), сиха хи а деана (быстро воды принесла и), яй чу а доьттина (в котёл налила; яй – котёл; дотта – наливать), яй кхе оьллина цо (/воду в/ котле кипятиться подвесила она; кхехка – кипеть; олла – повесить).

— ХIинца яха а гIой (быстро слетай), цхьанхьара вайна жижиг да (откуда-нибудь нам мяса принеси), — аьлла йоккхах йолчо жимах йолчуьнга (сказала старшая младшей).

Цхьана хенахь цхьа-ши къиг хилла ехаш-Iаш.

— Чехка яха а гIой, яахIума ян хи да вайна, — аьлла йоккхах йолчо жимах йолчуьнга.

Пома яьлла яхана, сиха хи а деана, яй чу а доьттина, яй кхе оьллина цо.

— ХIинца яха а гIой, цхьанхьара вайна жижиг да, — аьлла йоккхах йолчо жимах йолчуьнга.

Нома яьлла (полетела), яхана жимах ерг жижиг лаха (отправилась младшая мясо искать). ДIайоьдуш-йоьдуш (летит: «идёт» она летит), цунна ахархо гина (пахаря увидела; ахархо – пахарь), латта охуш (землю пашущего; латта – земля; аха – пахать). Говран гоа тIе а хиъна (на круп лошади села; говр – лошадь; гаъ – круп), къиг цуьнан жижиг ийзо йолаелира (ворона её мясо выклёвывать принялась; ийзо – тянуть; доладала – начаться). И гинчу хIилла долчу ахархочо аьлла (это увидевший смышлёный пахарь сказал):

— ХIе (эй), къиг (ворона), гоа тIера а ца ийзош (с крупа не клюй), пIендаршна юккъера ийзаде и жижиг (а между рёбер выклёвывай мясо; пIенда – ребро; юккъера – средний).

Цо дуьйцург бакъ а хетта (сказанное правильным посчитав; дуьйцург – сказанное; дийца – говорить; хетта – полагать), къиг пIендарш юккъера жижиг йийзо йолаелира (ворона между рёбер мясо выклёвывать принялась). ЗIок йиттина-йиттина (клювом тянула-тянула), кIад а елла (утомилась; кIаддала – устать), цхьа а жижиган дакъа ца даккхаделира цуьнга (ни кусочка мяса не досталось: «не удалось получить» ей; дакъа – часть; доля; даккхадала – мочь извлечь; даккха – отнять; овладеть; снять).

Жижиг а доцуш (без мяса), йоккхах йолу къиг йолчу юхайирзира къиг (к старшей вороне вернулась /младшая/ ворона; духадерза – вернуться).

Нома яьлла, яхана жимах ерг жижиг лаха. ДIайоьдуш-йоьдуш, цунна ахархо гина, латта охуш. Говран гоа тIе а хиъна, къиг цуьнан жижиг ийзо йолаелира. И гинчу хIилла долчу ахархочо аьлла:

— ХIе, къиг, гоа тIера а ца ийзош, пIендаршна юккъера ийзаде и жижиг.

Цо дуьйцург бакъ а хетта, къиг пIендарш юккъера жижиг йийзо йолаелира. ЗIок йиттина-йиттина, кIад а елла, цхьа а жижиган дакъа ца даккхаделира цуьнга.

Жижиг а доцуш, йоккхах йолу къиг йолчу юхайирзира къиг.

ОьгIазъяханчу къийго жимах йолчуьнга буьрса хаьттира (рассердившаяся ворона у младшей строго спросила; оьгIаздаха – разозлиться; обидеться; буьрса – строгий):

— Жижиг деъний ахьа (мяса принесла /ты/)? — аьлла (сказала).

— ХIан-хIан (нет), ца деана (не принесла), — жоп делира жимачо (ответила младшая).

— Ца деънехь (если не принесла), суна-м хьайниг а мегар ду (мне и твоё подойдёт: «можно» = ну тогда я тебя съем), — аьлла (сказала), зIок тоьхна (клювом ударила), кхехкачу яйчу кхоьссира йоккхах йолчу къиго жимах ерг (с кипящей /водой/ в котёл бросила старшая ворона младшую; кхосса – бросать).

ОьгIазъяханчу къийго жимах йолчуьнга буьрса хаьттира:

— Жижиг деъний ахьа? — аьлла.

— ХIан-хIан, ца деана, — жоп делира жимачо.

— Ца деънехь, суна-м хьайниг а мегар ду, — аьлла, зIок тоьхна, кхехкачу яйчу кхоьссира йоккхах йолчу къиго жимах ерг.

Здесь только небольшой фрагмент книги.

Полный текст книги Вы cможете приобрести на сайте http://www. franklang. ru в разделе «Тексты на чеченском языке, адаптированные по методу чтения Ильи Франка»

после выхода бумажной версии книги.