1абдул - 1азиз Асхабов
Вайн Профсоюз
Адамийн дахар лардеш,
Бакъонан нийса некъ беш,
Хьаналчун къинхьегам гуш,
Сий – лерам цунна д1алуш
Ч1аг1о ю вайн Профсоюз!
Накъост ю вайн Профсоюз!
Нийсо ю вайн Профсоюз!
Ехийла вайн Профсоюз!
Барт, нийсо, г1иллакх лардеш,
Юкъара уьйраш хазъеш,
Балха т1ехь жигара гуш,
Д1атесна цхьа ца вуьтуш
Марзо ю вайн Профсоюз!
Йовхо ю вайн Профсоюз!
Нийсо ю вайн Профсоюз!
Ехийла вайн Профсоюз!
Вайн белхан низам лардеш,
Куьйгалхой вайн резабеш,
Эшначохь – хьалха хуьлуш,
Бакъ – некъах д1а ца туьлуш,
Маршо ю вайн Профсоюз!
Байракх ю вайн Профсоюз!
Нийсо ю вайн Профсоюз!
Ехийла вайн Профсоюз!
Абдул – Азиз Асхабов
Верной дорогой идет Профсоюз
Гимн профсоюзу
Всех педагогов вниманием окрылит,
Труд их достойно оценит и наградит.
Помощь нужна – не пройдет стороной:
Каждый учитель ему как родной..
Верной дорогой идет Профсоюз.
Буквой закона он каждого защитит.
Против напасти – хороший, надежный щит.
Поиск добра в свои планы вобрав,
В мирном развитии лидером став,
Верной дорогой идет Профсоюз.
Дружбу и мир утверждает он везде,
И в думах – забота о завтрашнем дне.
Каждый учитель доволен тобой:
К новым успехам стремится любой…
Верной дорогой идет Профсоюз.
Перевод Хожбауди Борхаджиева
1абдул – 1азиз Асхабов
Беркате некъ беш ю вайн Профсоюз
Хьанала къинхьегам тергонехь латтабеш,
Жигархойн дог – ойла балхана г1аттаеш,
Г1о дезаш волчунна, т1ех ца туьлуш,
Орца мел эшначохь – хьалха хуьлуш,
Беркате некъ беш ю вайн Профсоюз!
Белхалойн бакъонаш нийсонца 1алашъеш,
Шайн белхан меттигехь барт – марзо латтаеш,
Массеран дегнех вайн аьхна кхуьуш,
Машаран геланча – верас хуьлуш, Беркате некъ беш ю вайн Профсоюз!
Гергарло, хьошалла массанхьахь даржадеш,
Дикачу г1уллакхийн лакхенаш кхиаеш,
Белхалойн дог хьосту мукъам хилла,
Юкъара барт латтош - низам хилла,
Беркате некъ беш ю вайн Профсоюз!
1абдул – 1азиз Асхабов
Орцах ер ю хьуна Профсоюз
1
Цхьана ханна ирсо вицвина,
Велахь хьо де эшна висина,
Профсоюзо, говза листина,
Д1ах1оттор ду г1уллакх нисдина.
2
Куьйгалхочо лерам ца бина,
Витинехь хьо дагна вас йина,
Профсоюзо нийса кхиэл йина,
Машар бийр бу шун юкъ хазйина
3
Ахь къахьоьгу доггах, хьанала,
Оьзда ларъеш белхан амалаш.
Кхиош хаза, тайна заманаш,
Профсоюзах теша 1амалахь.
Т1аьхьара лакхар:
Хьайн дахарна холчу ма вийла,
Къера хилий, ма 1е д1атийна.
Хьан коьртера г1айг1а д1аойуш,
Накъост хир ю хьуна Профсоюз.


