Йиллина дурс
Лард а, чаккхе а.

Хьехархо: Тунаев 1абдулли йо1 Радима.
1алашо: 1) Хаа деза чаккхе х1ун ю, чаккхенан грамматически маь1на, нулевон чаккхе, х1ун олу лардах. 2) Берашка «Ирсан къайле» дешнаш юкъа а далош предложенеш х1иттаяйтар нохчийн халкъан хазалла, к1оргалла йовзийтар. 3) 1амийнарг т1еч1аг1деш берашка шаьш шайн белхан мах хадабайтар.
Дурс д1ах1оттор
Вовшахтохараллин мур.
-Маршалла хаттар, берийн дог хьастар.
- Книгаш, тетрадаш, ручканаш схьа а оьцуш берийн эс самадаккхар.
Ц1ахь бан белла болх хаттар.
- Хьанна дагадог1у шуна яханчу урокехь х1ун 1амийна вай? (Дешнийн кхолладалар)
- Маса некъ бу дошкхолладаларан коьрта? (7 некъ бу)
- Хьан буьйцур бара уьш.(Берашна жоп ло).
Маь1на хийцадаларца | Дешнаш я церан дакъош вовшахкхетарца | Чолхе дешнаш кхолладаларца | Дешнаш дацдарца |
М1ара (куьйган) | Жа1у Бешлелорхо Т1оберам | Йоза-дешар Мотт-г1айба Юург-мерг | Деваша Стунда Йо1стаг |
М1ара (х1ума юу) | К1елдаьтта | ||
Дешхалхенан Г1оьнца | Суффиксан г1оьнца | Дешхьалхенан а, суффиксан г1оьнца | |
Схьакхосса Чувола Т1евола | Яздархо Ведар дешархо | Д1ахьадар Чухьадар Схьахьадар. |
Дозуш долу къамел кхиор.
-Х1окху предложенешкахь карае синоним, антоним, омоним.
1. Мохь эцалахь базарахь, мохь беттара к1анте нанас. (омоним)
2. Воьдуш йинарг чот яц, вог1уш йинарг бен. (антоним)
3. Накъост варе сатуьйсуш вара, доттаг1. (синоним).
Дешнийн маь1наш дастар царех предложенеш х1иттор.
-Дешнаш «Ирсан къайле».
-Х1ора стоьла т1е цхьацца дош охьадуьллу.
Керла коьчал йовзийтар.
Уьн т1ехь а, тетрадаш т1ехь а легадо дешнаш.Ц1. Х1орд лампа
Дл. Х1ордан лампан
Л. Х1орданна лампанна
Др. Х1ордо лампо
К. Х1ордаца лампаца
Х. Х1ордах лампех
М. Х1орде лампе
Дс. Х1ордал лампал
- Ц1ердешнийн чаккхенаш кепаш чу а язъеш
- Чаккхе билгалъяьккхича дисинчу дешан декъана буха сиз хьокху.
- Чаккхе д1аяьккхича буха дисинчу декъах лард олу.
- Вай легинчу дешнийн лардаш билгалъяха.
- Лард нийса къасто хаа х1ун хаа деза? (чаккхе къасто хаа деза)
-Чаккхе х1ун деш ю предложенехь? Стенах олу чаккхе?
- Дешан хийцалучу декъах чаккхе олу. (дошхийцадалар гойтуш)
2) Д1аяздо х1ара дешнаш.
Ж1ов, дукъ, мох, сахь, сом.
- Кхузахь юй чаккхенаш?
- Чаккхе ца хилча х1ун ала тарло, схьахаржа х1окху дешнех нийсаниг.
а) чаккхе йоцу дош;
б) чаккхе цахилар;
в) нулевон чаккхе.
- Нулевон чаккхе хилча, дешан муьлха грамматически билгалонаш хаа йиш ю?
- Ж1ов-ц1ердош цхьаллин терахь, ц1ерниг дожар.
- Нулевон чаккхе хилча есса кеп юьллу
- Нулевон чаккхе йолчу дешнийн чаккхе муха билгалъяккхалур ю?
(дош хийцича)
- Легадо: мах, сом, кор боху дешнаш чаккхенаш билгалйохуш.
- Оцу дешнийн лард муха карор ю?
Хьехархочо дешархошца цхьаьна до жам1:
- Стенах олу лард?
- Стенах олу чаккхе?
- Нулевон чаккхе йолчу дешнийн лар билгал муха йоккху?
- Хийца ца луш долчу дешан лард муха билгалйо?
- Чаккхе а, лард а сизийн кепехь гайтар.
4). 1амийнарг т1еч1аг1дар
1). Кхочушдо 211-г1а шардар, лардаш а, чаккхенаш а билгалъяха.
5). Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 44-г1а бакъо
2. Кхочушде 213-г1а шардар.


