Чулацам: «предлог. дешт1аьхье» /интегрировани/
Нохчийн меттан йиллина урок
ЧУЛАЦАМ:
«ПРЕДЛОГ. ДЕШТ1АЬХЬЕ»
/ИНТЕГРИРОВАНИ/

Хьехархо:
Урокан чулацам: Предлог. Дешт1аьхье. /10 класс/
/русский язык, чеченский язык/
1алашо: дешархойн дешт1аьхьенах а, предлогах а долу хаарш
т1еч1аг1дар;
церан цхьатера а, къаьсташ а йолу аг1онаш гучуяхар;
г1алаташ талла, ойла ян, гочдан 1амор;
кхетош-кхиор.
Урок д1аяхьар.
I. Догдаийтаран мур
Вай тахана д1ахьур ду рог1ера нохчийн мотт 1аморан сахьт
II. 1амийначун актуализаци яр
Таханлерчу урокехь вай оьрсийн а, нохчийн а меттанийн грамматикехь дешт1аьхьенан башхаллаш а, нийсаяздаран бакъонаш а билгалйохур ю…
-Ткъа х1инца дагалоцур ду вай стенах олу нохчийн маттахь дешт1аьхье:
Дешт1аьхье – иза г1уллакхан къамелан дакъа ду, цо лач дожарехь долчу ц1ердешан а, цуьнан маь1нехь лелачу дешан а кхечу дашца йолу юкъаметтиг гойту.
-Ткъа оьрсийн маттахь предлог стенах олу?
Предлог - это служебная часть речи, которая выражает зависимость существительного, числительного и местоимения от других слов в словосочетании, а значит, и в предложении.
- Башхалла юй царна юкъахь? /Яц/
-Кхин цхьа х1ума билгалдоккхур вай: предлоган а, дешт1аьхьенан а меттиг.
Нохчийн маттахь дешт1аьхьенаш шаьшца уьйр йолчу дешнашна …..
/т1аьхьа лела/
Оьрсийн маттахь предлогаш шайн уьйр йолчу дешнашна хьалха лаьтта, цундела аьлла царах предлогаш (пред бохург - хьалха)
Дешт1аьхье боху дош оьрсийн матте даьккхича послелог бохург ду
/ после - т1аьхьа/, амма предлогаша а, дешт1аьхьенаша а деш долу г1уллакх цхьаъ ду.
- Башхалла х1ун ю? /Хьалха, т1аьхьа х1оттар/.
1. Уьн т1ера предложенеш д1аязье.
Билгалъяха дешт1аьхьенаш.
Залпаан карара лента хи чу дуьйжира.
Юьрта йистехула охьадоьдуш долу хи гуьйранна, жимделла чудуьйжира.
Гочйийр ю вай х1ара предложенеш оьрсийн матте:
Лента из рук Залпы упала в воду.
Речка, протекавшая около села, осенью обмелела.
I I I. Уьн т1ехь болх байтар. /гочдарца/
Дешт1аьхьенаш: Предлогаш:
чу в, внутрь
ара вне, наружу
т1е на
к1ел под
хьалха впереди
т1ехьа позади /за/
т1аьхьа после /за/
- Х1инца предложенеш х1иттор ю вай, д1аяздинчу дешнех пайда а оьцуш.
Масала: Дитташна к1ел 1охкура макхделла г1аш.
Под деревьями лежали поблекшие листья.
Тхов т1ера охьавоьссира Мохьмад.
Магомед слез с крыши…..
- Муха язйо дешт1аьхьенаш дешнашца? /къаьстина/
- Муха язйо предлогаш? /къаьстина/
- Стенах къасто хаа деза дешт1аьхьенаш? /дешхьалхенех/
/Нохчийн маттахь цхьайолу дешт1аьхьенаш а, дешхьалхенаш а цхьатера ю. Уьш вовшех къасто хаа деза. Уьш вайга къасталур ю предложенехь церан уьйр муьлхачу дашца ю хьаьжча, масала: хи чудоьжна, кор д1адиллира…/
IV. Ловзар «Эксперт»
Хьехархочо ши дешархо эксперт къаставо (цхьаъ нохчийн меттан, важа оьрсийн меттан), цу дешан маь1на а достуш.
Эксперт ( латинийн дош («опытный»)) – специалист (говзанча), дающий заключение при решении какого-либо вопроса.
Уьн т1ехь:
Нийсаяздар билгалдаккха:
I - ра т1едиллар:
Хи (чу) доьжна кехатах дина жима кема.
Бешарчу дитташ(т1ехь) олхазарш дека.
1уьйранна баца (т1е)диллина тхи дара.
Йо1а шен книгаш шкафа (чу)ехкира.
Аслана меллаша кор (д1а)диллира.
Корехула чухьоькхучу мохо вагон(чохь) чан яьккхира.
Сан ирсана, йоккха стаг берийн ц1а (чу) йижа яхара.
II - г1а т1едиллар:
Руслан приходил на(счёт) работы?
(В)виду ненастья уборка зерновых культур затянулась.
(В)следствие обильного снега движение автотранспорта ограничено.
(Не)смотря на тяжелую болезнь папа продолжал писать.
Деньги он перечислил (на)счёт своей мамы.
Брат был задействован (в)следствии по данному делу.
Эксперташа толлу дешархоша кхочушбина болх, билгалдоху г1алаташ.
Цул т1аьхьа хьехархочо экспертийн белхан г1алаташ нисдо, нагахь санна динехь…
- Нохчийн а, оьрсийн а маттахь дешт1аьхьенийн нийсаяздар тидаме оьцуш хила дезаш ду, х1унда аьлча, лаккхахь вай билгал ма даккхара, цхьайолу дешт1аьхьенаш а, дешхьалхенаш а цхьатера ю вайн маттахь. Ткъа оьрсийн маттахь вай кхочушдинчу т1едилларехь го цхьайолу предлогийн омономичны кхидолу къамелан дакъош хилар…
V. Зуьйш хаттарш:
-Изменяются ли предлоги по падежам? /Нет/
- Ткъа дешт1аьхьенаш хийцалой дожаршца? /Послелоги в чеч. языке могут принимать окончания местных падежей (Чеч-рус. словарь А. Мациев,
1961 г.,стр.617)/: чу, чуьра, чухула, чоьхьа, чоьхьара, чоьхьахула; т1е, т1ера, т1ехула, т1ехьа..; к1ел, к1елара, к1елхула, к1елхьа../…..
V I. Рефлекси
- Х1ун керланиг хии шуна тахана урокехь?
- Шина а маттахь дуьйцуш дика дарий?...
Д1аязде шайн тетрадаш т1е:
Шен ненан мотт бийцар сийлахь ду.
Кхечу къаьмнийн мотт хаар а сийлахь ду.
/Халкъан хьекъалера/
………………………………
Ц1ахь: жима туьйра кхолла дешт1аьхьенах я предлогах.
Дешархоша урокехь бинчу белхан мах хадор.


