Партнерка на США и Канаду по недвижимости, выплаты в крипто
- 30% recurring commission
- Выплаты в USDT
- Вывод каждую неделю
- Комиссия до 5 лет за каждого referral
Урокан ц1е: Мамакаев 1.Ш. «Берзан бекхам»
Урокан ц1е: Мамакаев 1.Ш. «Берзан бекхам»
l. Мотиваци яр.
Де дика хуьлда шу, бераш! Вовшашка маршалла а хоттуш, дешар беркате а деш охьаховша.
ll. Актуализаци яр.
III. Ц1ахь елларг таллар.
(Тобанера цхьаммо олу шайна белла ц1ера болх)
1-ра: х1ораммо бовзуьйту шаьш 1амийна стих-н б1ог1амалгаш.
2-г1а: анализ стихотворенин.
3-г1а: суьрташ Даймахках лаьцна.
4-г1а: реферат яздархочун дахар а, кхоллараллах а лаьцна.
(Цул т1аьхьа х1ора тобано бовзуьйту шаьш кхочушбина болх)
-Х1инца шаьш дийцинарг т1еч1аг1де, вовшашка хаттарш ло.
-«Даймехкан декхаро г1аттийна вог1у со» бохучу мог1анех муха кхета шу?
-Уггар хьалха хьан хьалха ду вай декхарехь? (Нанна)
-Ненан сий муха лара деза боху поэта?
-Адамийн бен кхин хьенан хуьлу нана езар, ларъяр?(дийнатийн, акхаройн, олхазарийн )
lV. Тема схьаеллар. (Регулятивни УУД)
-Тахана урокехь стенах лаьцна дуьйцур ду вай? (Ненан безамах)
-Муьлха 1алашонаш х1иттайо вай вайна хьалха?
1аморан: Стихотворенехь ненан –берзан шен к1езе болу сатийсам а, безам а гайтаран башхаллаш. К1еза шех даккхар нана-барзо цалар а, адамашна цо бина бекхам а.
Кхиоран: Авторан царах дог лазар.
Кхетош-кхиоран: Акхарошка а, дийнаташка а, олхазаршка а безам кхиор.
Нана, ненан безам мел боккха бу иза. Ненан-берзан безам, иза муха бу те?
И хуур ду вайна Мамакаев 1.Ш. язйина «Берзан бекхам» ц1е йолу стих-ни ешча. Цкъа хьалха Мамакаев 1.дахар а, кхолларалла а довзуьйтур ду вайна Амнатас.
V. Реферат яздархочух лаьцна.
Дешархочо довзуьйту яздархочун дахар а, кхолларалла а.
-Муьлха 1алашо яра вайна хьалха? (Ненан-берзан безам муха бу хьовса)
V. Стихотворени з1еца ешар. (Познавательные УУД)
-Х1инца вай з1еца стихотворени йоьшур ю.
-Ца кхеташ дешнаш дуй цу стихотворенехь?
-Д1аязде далахь.
-Дошамех пайда а оьцуш довза ца кхета дешнаш.
-Х1ора тобано довзуьйту керлачу дешнийн маь1на.
-Суна кхин а ма карийна кхета хало ду аьлла дешнаш. Деша а доьшуш, д1аязде.
Vl. Дешнаш т1ехь болх бар.
Боьра-к1орга 1ин.
Йорт –чехка болар.
Пхьаьрчий-ж1аьлеш.
Дохнах х1оз бина –т1егулдина.
Г1уьнжар-б1аьргаш (аг1ор) раз хьоьжуш хилар.
Vll. Физминот.
-Цхьажимма сада1ий вай.
Vlll. Ешнарг къастор.
-Стихотворени ешча, х1ун ойла кхоллаелира шун?
-Х1ун маь1на ду х1окху стихотворенин?(Беран а, ненан а безам)
-Ненан безам сел боккха хилар мичхьа гучудолу? Д1аеша и меттиг (14ст.)
-Шена орцах еана нана хааеллачу к1езано дечух лаций дийца. Муха гайтина и оцу хенахь поэта? Схьа а лахий, д1аеша и меттиг.(12 ст.)
-Авторан нана-барзах а, цуьнан к1езанах а дог лозуш хилар стен хоуьйту вайна?(д1аеша и меттиг 15 ст.)
(Межпредметная связь)
-К1еза а дайна, синтем байна хьийза нана-борз гойтуш поэта шен стихотворенехь тийжа, йоьлху боху далийна дешнаш муьлха къамелан дакъош ду? Х1ун бахьана ду уьш юкъа далоран? Цара х1ун гойту?
(дар я хилар гойту хандешнаш ду уьш, борз адаман сибатехь гойту)
-Шен к1еза д1адаьхьанчарна х1ун бекхам бира барзо?
(Связь с жизнью)
-Дагадаийтийша, цхьанне а хезний, барзо шена динарг ца дуьту олуш? Вайна дахарера цхьа а масал хаьий шуна? (дешархоша дуьйцу шайна хезнарг)
(краеведение, метапредметная связь)
-Хьан эр дара, вай Нохчийчохь мича меттехь 1аш ю берзалой? Муьлхачу ярташкахь? (лаьмнашкахь, хьаннашкахь: Бамутехь, Сержин-юьртехь, Калаусехь, Гехи чу.)
lХ. Тобанашца болх.(Задания разного уровня)
1-ра тоба: Синквейн «Нана»
2-г1а тоба: Эпитеташ схьаязъе тетрадаш т1е
3-г1а тоба: К1еза яхьинчу стеган васт х1оттаде.
4-г1а тоба:Вай ненан а, берзан а безам бустар.(сравнение)
Дешархоша бовзуьйту шайн тобанан болх.
Х. Мах хадор.
Тобанаша вовше мах хадабо. Хьехархочо олу шена хетарг.
(притча гойту оьрсийн маттахь, маь1на дойту берашка)
Хl. Рефлекси
-Х1ун керланиг девзи шуна тахана урокехь?
-Х1ун хазахийти шуна?
-Вай урокан х1оттийна 1алашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?
-Т1ейог1у урок муха хила лаьара шуна?
Хll. Шайн даго къобалбина болх, ц1ахь кхочушбе.
1.Шайна дукхадезаделла б1ог1амалгаш дагахь 1амаде.
2.Берзалойх лаьцна дийцар язде.
3.Проект «Ненан безам».
Хьехархо: Батиева Тоита Вахаевна.


