Партнерка на США и Канаду по недвижимости, выплаты в крипто

  • 30% recurring commission
  • Выплаты в USDT
  • Вывод каждую неделю
  • Комиссия до 5 лет за каждого referral

11-г1а класс. Йозанехь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш.

Де дика хуьлда шун!

Д1айолор ю вай вешан рог1ера урок.

Вайн урокан тема ю: Йозанехь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш.

Вай дуьйцур ду къамелан чулацаме, аларан 1алашоне  хьаьжжина сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонех лаьцна.

-Т1адам х1оттабо дийцаран а, парг1атчу эшарца олучу т1едожаран а предложенех. (Гуьйренан мохо г1ийла лестадора дитташ т1ера г1аш.)

-Хаттаран предложенин чаккхенга хаттаран хьаьрк дуьллу. (Керлачу х1усамехь муха хийтира хьуна?)

-Айдаран хьаьрк дуьллу:

1. Айдаран предложенин чаккхенга: ( Ма ирсе  ву-кх шен Даймахкахь вехарг!)

2. Айдаран эшарца олуш йолчу т1едожаран предложенин чаккхенга: (Схьаволол! Чувеана 1ен йиш яц!)

3.Айдардашний, т1едерзарний, предложенин юьххьехь лаьттачу х1аъ, х1ан-х1а дашний т1ехьа, нагахь уьш айдаран эшарехь алахь: ( Х1ан-х1а! Со цкъа а харц новкъа лелла вац! Х1аъ! Вог1у со! Собар дехьа!)

Дукхат1адамаш дохку: дийцар чекхцадаларан билгалонна, дог-ойла айар, т1еерзор кхочушдеш, тидам т1еберзорна а, к1орггера ойлаяйтаран а, дуьйцург дагах хьакхадалийтаран а 1алашонца дуьззина д1аалаза дитарна а, къамел ц1еххьана кхечу гаьн т1е дерзорна а. (Гой хьуна вайна т1ех1оьттинарг, хьанна хьаьара…)

Запятой (ц1оьмалг) юьллу:

Цхьанатайпанара меженаш къастош (Хьава, Седа, 1имран гуьйренан стоьмаш чуберзош бара.)

Т1едерзар къастош ( Марха,  со ца йог1у  хьоьца г1ала.)

Т1едерзарна хьалха ва, х1ай боху дешнаш хилахь, уьш т1едерзарх ца къастадо запятойца.(Ва Хьасан, хьо вист ма ца хили, ас хьайга аьллачунна.)

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а къастош, нагахь уьш къовларшца я тирешца къастош яцахь:

(Суна хетарехь, хьо школехь хьоьхуш ю. Схьагарехь, тоьлла дешархо ву и толам баьккхинарг.)

Айдардешнаш къастош, нагахь иза айдаран эшарехь ца алахь.(Эх1, ма дицделлера суна цо аьлларг. Х1ан-х1а, цуьнга лалур дац и г1уллакх.)

Бакъдаран х1аъ а, дацаран х1а-х1а боху дакъалгаш къастош. (Х1а-х1а, нана, со цо йог1у хьоьца. Хьаъ, со йог1у. Со йоцуш ма г1олахь.

Деепричастин карчам а, шакъаьстина деепричасти а къастош.( Хьамид, чуьра ара а ваьлла, машена а хиъна, д1авахара. Лечас, юха а вирзина, 1одика йира шен  ненан.)

Причастин карчам къастош. (Книгаш кораш ду, адам шайна чухула дуьнене хьоьжуш долу. (Кица)

Шакъаьстина юххедиллар къастош, нагахь и къовларшца я тирешца къастош яцахь. (Айдамиров Абузар,  халкъан яздархо, дика вевзаш ву дозанал арахь.)

Хенан а, меттиган а дурсаш къастош. (Кхана, шолг1ачу майхь, толамхойн тоба сада1а йоьду лома.)

Сов, бен, хьовха, меттана, воцург, т1ехь бохучу дешнашца болу ц1ердашан карчам къастош.

(Ахьмад воцург, тхо дерриге а школехь доьшуш ду.)

Чолхе-цхьанакхеттачу предложенехь цхьалхе предложенеш къастош.

Ибрах1им вацара  Х1инццалца хилларг,  Селхана хилларг а  Вацара и. 

  ( Х. Эдилов. «Сийлаха») 

Чолхе-карарчу предложенехь  т1етуху предложени а, т1етухучу предложенин карчам а коьртачу предложенех къастош.( Хьоме дешархой, шаьш дуьненчохь дехаш мел ду, мехкан а, халкъан а сий ларделаш.)

Запятойца т1адам(ц1оьмалгаца т1адам) буьллу:

Яьржина цхьанатайпанара меженаш къастош, нагахь царна юкъахь запятой елахь.(Мисарболато (магнит) къилбаседехьара а, къилбехьара а йолу аг1онаш гойту; стагах дозуш ду дика я вуон некъ хоржур бу цо.)

Чолхечу предложенин цхьа дакъа я ший а дакъа запятойшца делахь.  Масала:

Шега и аьлча, Залуба шек а ца елира; и ч1ог1а реза яра шега далун хьошалла дан, 1адатехь ша и дан декхарийлахь йолу дела.

Шит1адам буьллу:

Нагахь цхьанатайпанарчу меженашна хьалха юкъара дош делахь. (Ас лампа латийра: чохь 1аьржа яра.)

Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенина чуйог1уш йолу предложенеш къастош, х1унда аьлча боху бахьанин хуттург ца олуш йитинехь. Масала:

Ма-дарра къамелан а, цитатан а хьалха, нагахь авторан дешнашна т1ехьа лаьтташ уьш хилахь. Масала:

Тире юьллу:

Сказуеми ц1ерниг дожаран ц1ердашах хиллехь а, шеца х1оттаман - г1оьнан хандош ца хилахь, подлежащиний, сказуеминий юккъе.( Дешар-серло, цадешар - бода.)

Сказуеми ц1ерниг дожарехь  долчу масаллин терахьдашах я куцдашах хилахь а, шеца хоттам г1оьнан хандош доцуш хилахь а. Масала: Кхузза кхоъ-исс. Хазалла-сарралц,  дикалла-валлалц.(Кица)

Цхьанатайпанарчу  меженашна т1ехьа  юкъара дош делахь. (Книга, ручка, къолам, белхан тептарш-берриге а дешарна оьшу г1ирс бу.)

Даьржина юххедиллар а, деепричастин карчам а, юкъадалийна дешнаш а, предложенеш а къастош.

Хуттургаш йоцчу чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенехь, нагахь хьалхарчу предложенино бехкам,  я хан, я бахьана билгалдахь. Масала:

Хьо ца вогу-кх-суна халахетар ду. (бехкам)

Ткъес туьйхира-дог1а доладелира. (хан)

Со йовхарша хьийзавора-аса молханаш мелира (хьалхарчу предложенино бахьана  гойту, шолг1ачо цуьнан т1аьхьало гойту)

Ма-дарра къамелана юккъехь я цунна т1ехьа хилахь, авторан дешнаш къастош. Масала:

«Х1ан-х1а, дада, - элира Хьавас,-корта лозу сан».

Меттиг  а, хан а, масалла а билгалдеш, т1ера, т1екхаччалц боху маь1на гойтучу шина дашна юккъе. Масала: Тхан автобусан некъ: Соьлжа-Г1ала-Ведана. Итт-шийтта стаг.

Къовларш йохку:

Дешархочун къаьсттина  тидам  т1ехь ца соцуш, яздеш волчо кхетор, довзийтар луш хилахь, юххедилларш а, юкъадало дешнаш а, предложенеш а къастош. Масала: Шена т1е йовха х1ума а юьйхина(сентябрь бутт чекхболу зама яра иза), ша говр а лоллуш, кертара аравелира иза.

Кавычкаш йохку:

-Ма-дарра къамел къастош.

-Цитата къастош.

-Дешнийн я предложенин беламе маь1на билгалдеш.

-Автора шен маттаца доцу дешнаш, ша ца олучу кепара уьш хиларе терра. Кавычкаш юккъе яздо.

-Бехкаман ц1ерш къестош.

-Нагахь авторан дешнашца цитата ялош хилахь, сацаран хьаьркаш х1иттадо, ма-дарра къамелехь санна.

-Авторан дешнаш цитатина юккъехь нислахь, шина а аг1ор запятой, тире юьллу.

-Цитата, предложени дакъа долуш санна, ялош хилахь, иза кавычкаш юкъахь жимачу элпаца язйо.