5. Содержание дисциплины

5.1. Содержание разделов дисциплины

№ п/п

Наименование раздела дисциплины

Содержание раздела

1

Оьздангалла а, цо дахарехь лело маь1на а

Оьздангалла кхоллаялар. Оьздангалла а, г1иллакх а. Х1ун маь1на ду: «Г1иллакх ялсаманера схьадеъна бохучу дешнийн. Оьздангалла стеган, къоман, юкъарараллин.

2

Нохчийн къоман оьздангаллехь халкъийн юкъарниг а, шатайпаниг а.

Оьздангалла – х1ора стеган шен-шен хилар. Иштта х1ора къоман а оьзда долчух а, оьздадоцчух а шен-шен юкъара кхетам хилар. Цуьнга хьаьжжина юкъарараллин синкхетаман хьал хилар а. Нохчийн къоман цхьайолу оьздангаллин мехаллаш дуьненан массо а къаьмнийн юкъара хилар. Амма кхечу къаьмнех мела а вай къастош синмехаллаш а ю.

3

Нохчийн къоман оьздангаллин коьрта мехаллаш

Маршо – философски а, исторически а чулацам.

Стеган сий. Нийсо. Адамалла. Къинхьегам. Комаьршалла.

4

Нохчийн къоман оьздангаллин коьрта мехаллаш

Къонахалла. Майралла. Доттаг1алла. Оцу кхетамийн оьздангаллин маь1на. Церан чулацам хан яларца хийцабалар.

5

Стеган дахар а, цуьнан оьздангаллин мах а.

Собар. Яхь а, хьаг1 а – цу шина кхетамна юккъера башхалла. Иэхь-бехк. Декхар. Хьаша т1еэцар. Кхечу къаьмнашца йолу юкъаметтигаш. Исламехь бусулбанаш боцучу нахаца йолу юкъаметтигаш.

6

Адам а, цуьнан г1иллакхаш а.

Стага шен дег1аца лелон деза г1иллакхаш. Нахаца лелон г1иллакхаш. Вон-диканехь лелон долу г1иллакхаш. Оьздангалле хьаьжжина нехан декъадалар.

7

Стаг оьздангаллин гурахь латтош хилла г1иллакхаш а

«Хехо» лацар. Мацах хиллачух масал эцар. «Хьера» кхайкхор. Оцу г1иллакхийн философски маь1на а. Махках ваккхар. Х1уй кхайкхор. К1арлаг1а х1оттор. Оцу 1азапечу г1иллакхийн ницкъ. Деганчул сов сина 1азап дар. Ч1ир. Масла1ат. Наха олу дош а, цо нохчийн дахарехь леладо маь1на а.

8

Доьзал а, бераш кхетош-кхиор а.

Кегирхойн юкъаметтигаш а, доьзал кхоллар а. Захало. Синкъерам. Хийисте вахар. Ирахь1ер. Оцу г1иллакхийн маь1на, церан оьздангалла а. Зуда ялаяран а(яхаран а) кепаш. Ловзар. Бусулба динехь доьзал кхолларан маь1на. Зудчун, майрачун юкъаметтигийн ц1еналла.

9

Доьзалехь ден а, ненан а меттиг.

Доьзалехь ден меттиг. Да нохчийн доьзалехь коьрта а, массо х1умана т1ехь масал а хилар. Да – ц1ийнан тхов бу. Доьзалех ненан меттиг. Бераш кхетош-кхиор, царна оьздангалла хьехар, 1амор коьрта долчунна, нанна т1ехь хилар. Да-нана ларар. Цаьрга ладуг1уш хилар.

Дехошца, ненахошца, стунцахошца (марзахошца) гергарло лелор. Царах х1оранца а лелон дезачу г1иллакхийн башхаллаш.

10

Ворхх1е да ларар а, царна хьалха жоьпалла а.

Ворх1 ден ц1е а, церан дахар а хаа дезар. Ворх1 дас лелийначо стага беш болу т1е1аткъам. Стаг т1едог1учу ворх1 чкъурана хьалха жоьпалла хилар.

11

Нохчийн оьздангаллехь 1аламца а йолу юкъаметтиг.

1аламца лелон еза юкъаметтиг. Шовданаш а, дог1у хиш а ц1ена латтор. Кхор, стов, турс, иштта кхийолу дечигаш хадо цамагор. Хьаннашна, акхарошна, олхазаршна доладар. Таллар а, оьздангаллин бехкамаш а. Ялта а, цуьнца болу лерам а.

12

Нохчийн оьздангаллехь къинхьегамца а йолу юкъаметтиг. Даймохк.

Хьанал къахьегар - оьздангаллин билгало. Къинхьегам - беркатечу дахаран хьоста. «Харш тосу де» - нехан латта т1ехь къахьегаре болу безам совбаккхуш даздо де. Белх1и – нохчийн къоман г1иллакх. Поппаран, хьаьжк1аш тилон, т1арг1а къажбен, кхиболу белхаш. Белхин кхетош-кхиоран маь1на. Даймохк безар, ларбар.

13

Ислам а, нохчийн г1иллакх-оьздангалла а.

Къуръан - Делан адамашка долу т1аьххьарлера дош. Оцу дашехь дуьненчохь адамашна ийманехь даха а, эхартана кечам бан а мел оьшу хьехам хилар. Исламан а, ийманан а, эхьсанан а маь1на. Делан Элчанан ( а. с. ва с.) дахар – дерриге а адамашна оьздачу дахаран масал. Пайхамаран (а. с.ва с.) Сунна а, цу чохь болу хьехамаш а. Вуо а, дика а исламехь къастор. Делах а, Кхиэл еш долу де дог1ург хилар тешар.

14

Шари1ат а, нохчийн 1адат а.

Шари1ат – Къур1анан, Элчанан (а. с.ва с.), Суннин хьехамашна тйехь х1оттийна стеган а, къаьмнийн а 1ер-дахаран бакъо. Нохчийн дукхах долу 1адаташ шари1атцадог1уш хилар. Дог1уш доцу 1адаташ – д1атаса дезар.

15

Нохчийчоьхь баьхна устазаш а, церан оьздангаллех долу 1илма а

Накъашбандин, Къадарийн т1ерикъаташ Нохчийчохь даржар. Ташу-Хьаьжин, Кунта-Хьаьжин, Юсуп-Хьаьжин, Доккин, Солса-Хьаьжин, Бамматгири-Хьаьжин, кхечеран оьздангаллин хьехамаш, церан дахар. Вирдийн таханлера хьал а, динан керла боламаш а.

16

Зама а, оьздангаллех болу къоман кхетам хийцабалар а. (Советан 1едал т1едале хьалхара мур).

Нохчийн къоман оьздангалла оьрсийн паччахьан 1едал т1едале хьалха. Бусулба дин ч1аг1делла далаза хилар. 1есачу динан (язычествон) цхьадолу ламасташ дехаш хилар. Шайх Мансуран хьехамаш а, цара нохчийн синкхетамна бина т1е1аткъам а. Имам Шемалан зама а, къоман оьздангалла а. Шемалан 1едалан а, т1еман т1е1аткъам бахьанехь нохчийн г1иллакхашкахь хилла хийцамаш. Шемалан а, Кунта-Хьаьжина а къовсам.

Къоман оьздангалла советан 1едал т1едале хь алха.

17

Зама а, къоман оьздангаллех болу кхетам хийцабалар а. (Советан 1едал т1едеъначул т1аьхьа).

Советан заманан къоман оьздангалла. Оьрсийн культуро нохчийн синкхетамна бина т1е1аткъам. Адамаш шина оьздангаллин системехь (1едало коча йоьллинчу3 а, бакъйолчу а) – даха дезаш хилар а, цо церан синкхетам шалха берзор а

Ц1ерадахар а, цо нохчийн оьзадангаллина бина т1е1аткъам а.

Керла зама а, нохчийн къоман оьздангалла а.

Т1ом – къоман оьздангаллина буьрса зер.

18

Оьздангаллехь заманца хийцалург а, хийцадала йиш йоцург а.

Оьздангаллехь заманца хийцалург: духар, мотт, юкъаметтигаш… - доцца аьлча, куц-кеп. Хийцадала йиш йоцург: оьздангаллин чулацам.

(Содержание указывается в дидактических единицах. По усмотрению разработчиков материал может излагаться не в форме таблицы)

5.2 Разделы дисциплины и междисциплинарные связи с обеспечиваемыми (последующими) дисциплинами

№ п/п

Наименование обеспе-чиваемых (последую-щих) дисциплин

№ № разделов данной дисциплины, необходимых для изучения обеспечиваемых (последующих) дисциплин

1

2

3

4

5

6

7

8

1.

2.

5.3. Разделы дисциплин и виды занятий

№ п/п

Наименование раздела дисциплины

Лекц.

Практ.

зан.

Лаб.

зан.

Семин.

СРС

Все-го

1.

2.

3.

4

6. Лабораторный практикум

№ п/п

№ раздела дисциплины

Наименование лабораторных работ

Трудо-емкость

(часы/зачетные единицы)

1.

2.

3.

7. Примерная тематика курсовых проектов (работ)______________________

Из за большого объема этот материал размещен на нескольких страницах:
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16